Кисанахь лело нохчийн-iаьрбийн къамелiаморг

Usup Faruq Turpal

Жанр: Словари

О книге "Кисанахь лело нохчийн-iаьрбийн къамелiаморг"

ХIара къамел Iаморан жайна (къамелIаморг) Iаьрбийн мотт Iамочу нохчашна а, иштта нохчийн мотт Iамочу Iаьрбошна а лерина ду.

Подробнее

ХIара къамелIаморг, тайп-тайпанчу темийн боккха барам шена чулацарал совнаха, дешархойн шуьй-рачу гонна хьажийна ю.

ХIокху барамехь дуьххьара арахоьцуш долчу нохчийн-Iаьрбийн къамел Iаморан жайнин дIахIот-тамо иштта таро ло лексикин дакъойн къепенан гIоьнца уггаре а даьржина долу нохчийн, Iаьрбийн дешнаш а, дешнийн цхьаьнакхетарш а ладам боллуш а, кхоччуш а карадерзо.

ХIокху къамел Iаморан жайнин джумлашна, дуккхаъчу дешархошна лууш дерг тидаме а эцна, транскрипцин хьаьркаш хIиттийна. Транскрипци Iаьрбоша дечу къамелана герга ялийна, йозанехь ма-хиллара а йоцуш. Масала: яздийриг «ма исмука»

5

делахь, Iаьрбоша «ма-смук» олу, ткъа яздийриг «кам уджрату хIазихIи-ль-гIурфати ли-йаумин вахьидин?» делахь, Iаьрбоша «кам уджра хIазихIи-ль-гIурфа ли-йаум вахьид?» олу, иштта дIа кхин а.

ХIара къамелIаморг хIокху заманахьлерчу мет-танийн буха тIехь хIоттийна ю. Цо йовзуьйту нохчийн а, Iаьрбийн а меттанийн карарчу хенахь уггаре а мехала йолу лексика.

ХIокху жайнин коьрта Iалашо - дешархошна нох-чийн а, Iаьрбийн а меттанашкахь вовшашца тIекере хиларна гIодар ю.

КъамелIаморг чекхйолучохь ялийна нохчийн-Iаьр-бийн дошам а, Iаьрбийн-нохчийн дошам а. Доша-мийн нохчийн меттан а, Iаьрбийн меттан а дерриге а дешнаш дIанисдина алфавитан рогIехь.

ХIара жайна, дуьйцийла йоццуш, кхачам-бацаршший, дерташший доцуш хир дац. Амма тхо дог тешна ду: нагахь дешархочо хIокху тIехь шена гучудевлла гIалаташ а, кхачамбацарш а авторе дIахаийтахь, хIара болх юха арахоьцуш уьш дIанисдийр хилар.

5
1 оценкa
Извините, правообладатель закрыл доступ к книге
Информация обновлена: